Нохчийн зуда

Хаттар ду сан нохчийн зудче:
Хьан ирс муьлха басахь ду-те?
Цо ца доьху дукха Деле,
К1еззиг тоьъна хила ирсе.

Парг1ат яхар маьрша махкахь,
Ц1ийнден ч1аг1о хилар уллехь,
Могуш- маьрша доьзал кхиар…
Моьттуш эхь ду кхин сов дехар...

Къоман 1адат, эхь-бехк, г1иллакх,
Жовх1аран б1аьрг санна лардо,
Динца доьзна доккха декхар
Сийлаллица кхочуш а до.

Нохчийн доьзал кхиош, оьзда
Нохчалла, яхь 1алаш йина.
Лоруш уггаре а коьрта,
Меттан гураш ца дохийна.

Ширчу заманера дуьйна
Доккха дукъ ду цо т1елаьцнарг.
Нохчийн зуда, йиша, нана,
Меле хуьлда ахь мел лайнарг!

Азман Джабраилова


Рецензии