Нохчалла

Цхьа жовхlар ду суна девзаш ялсаманех даьккхина,
Дала делла совгlат ду и,Ислам Динах хlоьттина.
Бlе шерашкахь бех а ца деш вайн дайша и лардина,
Т1еман дорцехь 1алаш а деш,"Нохчалла" цlе тиллина.

Цуьнан васт ду оьздангаллах,гlиллакхах а доьттина
Нохь пайхамарас,къинхьегамах,Иманах а хlоьттина,
Нур ду цуьнан собарах а,нийсонах а къегина,
Хазчу лерамах,марзонах,тешамах ша кхелина

Мостагl гlаттарх и хlаллак дан луьрчу тlамца хийлаза,
Нохчо гlотту иза лар дан,хетарна шен сил деза.
Ша лардечийн дегнех безам,марзо етташ ду иза,
Ткъа и марзо шех кхеттариг хир вац ямарта,къиза.


Рецензии