Чlир

Бlе шераш хьалха дlаяхначу заманчохь,
(Цу хенахь сил чlогlа лардора сий.)
Жимачу цхьана юьртахь,хьомечу Нохчийчохь
Хилира язделларг lанорца цlий:

Хьашт доцуш ша аьлчух шена муьтlахь лай вечу,
Дашо дlадолийра лазаме дов.
Цу дашах вас хилла,шаьлтанца летачохь,
Кхелхира жима стаг хиларна чов.

Хан-зама йоьдура хиллариг дlа дойъуш,
Амма чlир замане яйъалуш яц.
Кхолламо ши мостагl,ломаца схьа вогlуш,
Сацийра-чlир йита йиш йолуш яц:

-"Ассалам lалайкум ваша вийна сан чlирхо,
Схьагарехь вогlу хьо яьстина юкъ,
Делахь а дац хlyма, соьх лата хьо сихло,
Кхузара дlа цхьаъ гlур ву берзийна букъ."

-"lалайкум вассалам,бакъ лоь хьо ,тахана
Дац соьгахь хьоьх лата,дуьхьало ян герз,
Амма хьан бакъо ю нийсонан низамца,
Чlир эцна хадо сан дахаран мерз."

-"Вайн дайша герз доцург хье веш ца хилла-кха-
Нийсонца къестийна бакъо йа харц,
Муьлххачу халонгахь ца бухуш гlиллакхах.
Уьш лоьруш воцуриг и къонах вац!

Цундела, вайшимма дайх масал ва оьцуш,
Лерамца дlа а луш чlиранна хьакъ,
Сан шаьлта роггlана, кар-кара ва лоьцуш,
Еттар ю цхьанна-ма дожжалца дакъ"...

lожалла ца вешаш,вовшашка кхийдаеш,
Ловзийра цу шиммо схьа лаьцна мукъ,
Доьналлах ца вухуш,яхь а ца йожаеш,
Дуьхь-дуьхьал вирзина ца берзош букъ...

Де делкъе даьллера ,lалам дlатийнера,
Къонахийн низамах даьлла цец-акъ.
Ломана цу новкъахь мела цlий lенийна,
lуьллура шаьлтана улло ши дакъ.

Ца баьхна къонахий lожалло кхерабеш-
Къонахчуьнан буйнахь ду lожаллийн лаг,
Уьш баьхна оьздачу гlиллакхийн лерам беш,
Харцонаш йохаеш саццалца дог!


Рецензии