Сагал-буц

Хьонхало хьаяза аре
Яьккхина сагал-буц кхиъна.
Тулг1енех  юьззина аре
Лесташ го, махехь  х1орд санна.

Б1аьстенца малхана къежа,
Деллалой, кегийра заза.
Зазз доьжча, бос эцна къоьжа
Хетало  йис 1уьллуш санна.
 
Хьайбанашна и буц еза.
Дарбанна ю иза пайде   
Эцалуччул пайда эца,
Леладайта дарба лоьре.
---------
Сагал-буц-  ковыль
Хьонхал- латта оху г1ирс /лемех/


Рецензии