Айзас дина совг1ат

Джабраилова Азмане

Дахарехь замано дика-вуон хоьрцу,
Цу т1ехь вайн кхолламах баккха бехк бац.
Хьан мерзач 1аьнаро г1айг1анех йоккху,
Сан йиша, доттаг1а, сан деган малх.

Юха а 1уьйренца малх хьалаг1отту,
Сан дагчохь г1отту хьан эсала васт.
Ма марзо ю хьоьца, дуьне а хьасттал,
Сан йиша, доттаг1а, сан деган малх.

Яхалахь хьо дукха шераш ца лоьруш,
Къаналла йог1ур яц, хуьйцуш хьан васт.
Сирлачу б1аьстенан амал ю хьоьца,
Сан йиша, доттаг1а, сан деган малх.

Айза Резванова


Рецензии
Амин! Ма хаза совг1ат ду иза.
со т1е товжа-кх Айзас мел аьллачу дашна)
дикачу адмех уггара дог диканиг йукх хьо даимна..

Марти Тамия   13.08.2020 16:41     Заявить о нарушении
Тамия, Дала сий дойла хьан!

Аза Атагинская   29.10.2020 22:59   Заявить о нарушении