Ун-бала

Йиш-веший де эшча йиш-ваша хир доцуш,
Да-нана д1адолла доьзали йиш йоцуш,
Цамгаро лаьцначун
Т1е х1отта хьал доцуш,
Дуьйцуш, я хьехош а хезнерий хьуна?

Хьолах, я рицкъанах дан амал доцуш,
Хьай са ахь д1а делча, оьшуш стаг воцуш,
Мел ведчи, мел ваьлчи, цамгаро лоцуш,
Самах, я г1енаха гинерий хьуна?

Г1а санна гонаха леш адам долуш,
Боьссина адамна ун-бала болуш,
Х1етте а алсама адам 1ас долуш,
Ирча хьал дог1ур дуй хеттерий хьуна?

Сингаттам боьссича ваха бух боцуш,
Кешнашка вахча а са парг1ат долуш,
Хьайл хьалха мел ваьлоарг ирс долуш лоруш,
Зама т1е кхочар юй хиънерий хьуна?

Де дийне мел дели кийра бу богуш,
Сил дукха безачех кхоьруш дог лозуш.
Аллах1ан орцане кхойкхуш, дог дохуш,
Ца моьттарг, ца хезнарг т1е кхочу хьуна...


Рецензии