Тешаме накъост

Юхь-сибат ц1енаниг,  хьекъале дош дерг,
Массо а заманахь лерина наха.
Диканехь, вуонехь а тешаме ц1е йерг
Нахалахь хилла ву даима сийлахь.

Г1о оьшуш волчунна накъост а хилла,
Цо йуьхьар лаьцна некъ шен дагах боьзна,
Диканна г1аьттинчух масал а эцна,
Хьанал къа хьегарехь мало ца йина.

Дендайша дитинчу весетийн сий деш,
Г1иллакхаш, ламасташ, 1адаташ дендеш,
Вайн къоман къонахийн сий-ларам ойъуш,
Къахьоьгу, син оьздангаллин бух ч1аг1беш.

Шен белхан накъостий реза беш шена,
Бакъ, харц а схьаолу, вас ца йеш дагна,
Г1о лоцуш, г1иллакхах ца вухуш веха,
Ца вуьту ледарло яьлларг д1атесна.

Хьехар деш, къамел деш маь1анех доьзна,
Ненан мотт буй хууш йовр йоцу хазна.
Кийча ву, шен халкъан харжам т1е эцна,
Мерза са шен къоман дуьхьа д1адала.

Азман  Джабраилова


Рецензии