33. Нитташ

Кхуьу нитташ боьрахь, байт1ехь,
Аренашкахь, некъан йисттехь.
Б1аьста хуьлу къона, мерза.
Вайна церан дарба девза.

Хуьлу оьг1азе къанбелча.
Ца лов шайна цхьаъ т1евеъча.
Когаш, куьйгаш къестор доцуш,
Къовзадо, бен-башха доцуш.

Воккха Дадас мангал туьйси,
Ниттийн къух цо охьатуьйхи
Кхин къовзор вац воьдуш, вог1уш,
Вагош, дег1е зузз доуьйтуш.

Азман Джабраилова

Спасибо автору изоьражения


Рецензии