2. Ненан комаьрша дог

Кадырова Айманин ларам беш

Кхоьллинчу вайн  Дала сийлахь ц1е елла,
Шен доьзал ийманехь кхио ницкъ белла.
Уьш кхиош атталла шена ца лехна.
Беркате к1ант кхиий доладан мехкан.

Мехкаден балхана г1ортор шех хилла,
Д1ах1оьтти, деза дукъ белшаш т1е эцна.
Цамгаро лаьцнаверг, миска, йа г1ийла,
Г1о лоций  хьосту дог, вуьтуш вац тесна.

Цхьа бохам хилча вайн ярташкахь, г1алахь,
Де эшна волчунна «г1о оьшу» алахь,
Хиларна комаьрша, дика дог кийрахь,
Декъазниг, за1апниг вац цунна хийра.

Даггара дохучу саг1анийн хайра
Девзаш ду вайн мехкан дозанал арахь.
Цундела до1анехь йоьху и наха,
Ца к1ордош дукхаза баркалла баха.

Азман Джабраилова.


Рецензии