Безам

Ас безам белха бо сай нена маттахь,
Ц1ена  сай ойла  хьоь  ас  кхийда йо,
Тешаме  хьо хеташ, набарха йуьлуш,
Хьай  с а а  д1а  дала  хьо кийча го.

Тахна сан хоьттина  и  сирла ойла,
Хоттаран  бахьна  и  сан безам бу,
Доьху хьоь, хьомениг,хили сан дола,
Айбахьа вай безам, дехьа цун сий.

Ас безам белха бо,хьох дага йуьлуш,
Ца хьул еш сай ойла, я ц1ена дог,
Кхоьру со даимна билларна тийна
Йогучу  алон  т1е сихаллийн   ког.

Кхоьру  со сацарна  безаман илли,
Сайн  даг  чохь декарна бохаман аз,
Цундела доьху хьоь,безамах тиллий,
Ойланех  бехьа  хьай  ч1аг1онна  хоз.


Рецензии