Баба

Х1унда ю баба хьо тахана г1айг1ане?
Цамгаро лаьцца те тахана хьо?
Дог лозуш доьлху те, стенна са туьйсу те,
Стенна ахьа, хьомениг, ойланаш йо?

1уьйрана хьо г1отту, арахь са тасале,
Делега тхо доьхуш, де дола до,
Хьо йоьлхуш ца гайта тхоьх леч1къаш лела хьо,
Са ч1ог1а баба ас хьуна гатта до!

Дуьнене, хьомениг, хьо къар ма яйталахь,
Хьо санна уллера вац суна цхьа а,
Хьо тхуна могуш а, маьрша а яхалахь,
Хьан во кху дуьненахь ца лаьа ган!

Муха ас эца те дагт1ера хьан бала,
Ас муха дела де и б1яргаш хьан?
Алахьа, муха ас г1о дийра дара те?
Хьан доьхьа лур дара ца кхоош са!


Рецензии