Хьо йинчу дийнахь
Ховхачу б1аьстенца шун керта деъна.
Дог делош ден, ненан, башха де хилла,
Беркате йо1 Дала хьан Нанна елла.
Лекхалле айъина сий хьайн ден, ненан
Цу шинна накъост а хилла, къа хьегна.
Г1иллакхе, эхь лардеш, оьзда ду лелар
Балха т1ехь накъостийн ларам беш йеха.
Йоккхаеш хьайн дахарх, ехийла г1оза.
Д1атиларх хьан шераш, хьо къона гойла.
Лаьттийла йиш-ваша, доьзал а мерза.
Махкана оьшу Йо1, хьо декъал йойла!
Азман Джабраилова
Свидетельство о публикации №120041204515