Б1аьсте

Х1умма дац б1аьстенан 1уьйренал хаза!

Ойлано тахана хецна сан заза!

Доьлуш ду, к1ажьоьхуш, 1аламан дог!

Са цхьанхьа д1аг1ерта, ийало ког!..


Х1умма дац б1аьстенан 1уьйренал хаза!

Кхул хаза хир яц - кх мел кечъярх а база!

Когах сан тахана тийсало ког,

Д1ахотта сисихвелла 1аламах дог!


Рецензии