9. Йоза деша

Йоза деша х1ора дийнахь
Зевне болчу нохчийн маттахь.
Хьехам, роман, байт, я дийцар-
Царех кхача бе хьайн синна.

Йешначух ахь эца пайда,
Г1ерташ чулацамах кхета.
Хьекъал, кхетам шарбан г1орта,
Хаарийн б1ов лекха йотта.

Азман Джабраилова


Рецензии