Вай г1ала

Нур лепаш,къегина сан Соьлжа-г1ала,
Стигларчу седарчех тар елла хьо,
Г1ан хилла бисина ахь лайна бала,
Тахана дуьненна Турпалхо го.

Ехийла шерашкахь вай сирла г1ала,
Ма гойла ц1а а хьо кхуьйлина де,
Аллах1а даимна хьо 1алаш йойла,
Кхиъмашца йохийтуш вайн къоман ц1е.


Рецензии