1илманхо

Сахуьлуш кхета дашо малх санна,
Буьйсанна кхета беттан нур санна,
Исламан тарих ахь 1амий тхуна,
Цундела "1илманхо" ц1е тилли хьуна.

Ламанца дог1у и шовда санна
Хьан дагара нигат ц1ена хиларна
Бусулба дог хьан кийрахь хиларна
"1илманхо" т1ег1ан т1е хьо кхечи тахна.

Дуьненахь дерриге жовх1арал деза
Ахьмад хьан хьехамаш мехалла бу тхуна
Хьакъ волу 1илманхо хьоьх варна Дала
Хастам бина ца довлуш ду хьуна Далла.

Дуьне а, эхарт а хьан Дала хаздойла
Иманехь, исламехь хьо са воккхийла
Массо а х1уманна т1ехь хьан аьтто бойла
Хьо санна болу къонахий ма эшабойла!


Рецензии