Везар

Аса доьху хьоьга хилахьа соьца,
Даимна вай дахийта мерза .
Ц1еначу ойланца хилийта хьайца.
Къастарна кхоьруш ларбехьа безам.

Хьо воцург кхи оьшуш вац суна!
Хьоьца бен сайн дахар ца деза!
Кийрара дог аьккхаш ма ляьтта,
Кхоьруш, хьоьх яларна деги везар!

Аса дагара дийцарах  хьайга
Ма хеталахь хьуна  со атта!
1овшар ю ас къастаран хало
Сайн сий ларда хьо вита везахь!

Яхьах дуьзна ду къона дог сан,
Безамо и г1ел ца йо хьуна!
Хьо хилахь соьца дог оьцуш мерза,
Хира ю со хьоьх терра эсал!

22.12.19
Айза Тайсумова;


Рецензии