Аса лехнарг
Аса дуьне мел ду хьо лехнера,
Сан Деле сайна хьо йехнера -
Хьо мичахь лелара, сан са?
Аса даима дагчохь хьо лелор ю,
Сан безамах г1ала вайна юттур ю,
Вайн ирсан дог1анаш лардир ду -
Хьо х1унда лечкъара сох д1а?
Хьан вастах хьоьгуш со вехар ву,
Синтемаца уьйра аса лоьхур ю,
Ткъа хено сан корта къежбир бу -
Хьо йоцуш со муха вехар ву!
Свидетельство о публикации №119121508872