Хилларш-дайнарш

Серлалле дог кхийдаш хьекъалча хуьлу.
Майра стаг ца къехка кхераме некъах.
Декъазниг г1ийлачун дог эца г1урту.
Хуьлийла дац ирке толаме г1ертарг.

              ***

Хьекъал артделлаверг 1овдал ву олу.
Б1аьрсинан иэс дайнехь кура ву олу.
Ца хаьа мотт лебан сихвеллачунна
Аланза дисна дош тоьлушха дуйла.

               ***

Барт беттар, харц лер а ду ладам бацар.
Ду иза амалехь хила йиш йоцург.
Юххешхула г1оли хир ду т1ехвалар.
Сийсаза даккхалур дац сийсаз доцург.

Азман Джабраилова


Рецензии