Мехкан хьасташ

Къинхетаме хастам хиларг!
Кхачо еш, ло ахьа дахар.
Латтадо хиш-ни1мат хийла,
Лазаршна хие дарба дахьа.

Лаьмнийн некхех дуьйлу хьасташ
Зевне дека, дегнаш хьоьстуш.
Хезош ц1алкъ, хьогалла йойъуш,
Чохь са мел дерг шайн хих 1абош.

Батто хьаьрсина нур идош
Д1ахьо тулг1ено, шех хьерчош.
Хино, ловзош, уьйъу г1амарш,
Тхьовса дитац т1еда т1улгаш.

Мехкан хьасташ лаьа хьеста.
Лаам бац сан царех къаста.
Дала делла лаьттан маь1да
Декхар ду вайн тодеш, лардан.

Азман Джабраилова


Рецензии