Марша да хьо, ч1ег1ардиг

Марша да хьо, ч1ег1ардиг,
Хийла ас сатийсинарг.
Т1ома буьххьехь б1аьсте яхьаш деънариг!
Муьйлуш мехкан хазалла,
Ловзуш маьлхан з1аьнаршлахь,
Сайн тхов к1елахь бен баре сатийсинарг!

Х1ай, мас 1аьржа ч1ег1ардиг,
1ана дахна бешахь рицкъ.
Дагна тайна ахь 1уьйренца лоькху йиш!
Ломан маьрша ярташкахь,
Комаьршачу керташкахь,
Хьуо дезначу нохчийн махкахь дебалахь!

Чамхалгех бен буьйцина,
К1орниш 1амош кхиийна,
Гурахь  генна новкъа довла кечделла.
Пана махкахь т1ам кхерстарх,
Йог1у б1аьсте ларъелахь,
Айхьа бинчу бена юха дерзалахь!

Азман Джабраилова


Рецензии