Поэт-къонах

Мамакаев 1арбина (1918-1958)

Шовзткъа шарахь ваьхна Лаьттахь къонах,
Юкъ йихкина халкъ шен лардан вонах,
Эзар шарна масал тхуна хилла,
Ваьхна хьанал, доцуш шегахь х1илла.

Хьоьца доьзнарг дагна хьоме хилла,
Неврехь со хьан амат лоьхуш лелла,
Хьо леллачу урамашка вуьйлуш,
Ахь чуийзина х1аваъ некхо муьйлуш.

Хьуна деззна Нийсо лехар дезна,
Нохчийн махках даим дог а лезна,
Хьан дош тхуна новкъахь накъост хилла,
Хьан доьналло алссам декхарш делла.

Дагахьбаллам хуьлий дазло б1озза,
Хьо д1авахар пох1мо доккхуш заза,
Ца лайна ахь махкахь харцо, г1ело,
Осал наха йора хьуна к1ело...

…1а мел дахларх т1аьххье б1аьсте йог1у,
Х1ора бала, адам зерца бог1у,
Амма Лаьтта Поэт-Къонах ваг1ахь,
К1иллой лечкъа, вайн ирс герга дог1у.   


Рецензии