Даггара хьо веза суна!

Даггара хьо веза суна!
Дагара аса дийци хьоьга?..
- Дуьххьара хьо гича дуьйна,
Сан даго воьху хьо герга!

Б1аьргашна хета хьо хаза,
Массарел а хета хьо оьзда.
Исбаьхьа хьан хаза амат
Лоьху аса кхечарна юкъехь.

Аса дагара дицарах хьайга
Ма хета со хьуна атта.
Виц ван хьо хала дац хьуна
Бацахьа хьан соьца ларам!

Хьо виц ван ницкъ кхочар, хаьа.
Хира яц со безаман лай!
Йоь1ан сий - уггаре коьртаниг!
Ткъа лааркх безамах х1отта а.

Хилита вайшина безам
Массерал ц1ена а , ч1огг1а а!
Дахита ирсанах хьерчина
Дуьненахь йисанчу ханна.


Рецензии