***

Бахамо 1ехийнарг, къонаха вац хьуна
Хазалло тиллинарг, б1аьрса долуш вац хьуна
Куралло качвинарг, гена ца ваьлла хьуна
Долчунна хам ца бахь, Дела реза ца хир хьуна.

Хастам бо вай Далла, бусулба кхолларна
Хастам бо вай Далла, нохчех вай хиларна
Хастам бо ас Далла, да-нана даларна
Иштта вай могуш-маьрша д1алелийтарна.

Х1ора ахь до1у са, гуш ву хьуна Аллах1
Х1ора ахь боккху ког, ларбеш ву хьуна
Варийлахь, ларлолахь, Делах хьо кхералахь
Х1ара дуьне даимна хир доций хаалахь.

Дала вай азаллехь кхоьллина ду хьуна
Абаде кхачаллц дехар долуш ду хьуна
Вайн тоьхна хан, д1ахьур ю хьуна
Х1ара дуьне дитина, вай д1аг1ур ду хьуна.


Рецензии