оьшу хьо Нана

Цамгаро 1овжийна хададеш рицкъа
Хьо-м яг1а тийналлехь вуьтуш со 1а.
Вог1у со хьан барз т1е, хьостуш куьг хьакха
Ойлане вужий со, вехха ма 1а.

Хьан хьоме йоьхь сибат дага а лоьцуш
Т1е кхача йиш йоцуш, хьере ву со.
Ас ечу г1ийлачу сан ойланашкахь
Самах а г1енаха хьоьца ву со.

Маьл дукха яхарх хьо, вацара 1ебар со
Йоккхур яр хьоьца ас маьл йог1у хан.
1ийр вара ца к1ордош, сай мара къевлина
1ожалло ца хотту "Ях йой хьан хан?".

Дог доьхна х1усаме воьду со ц1ехьа
И хьаста доьхьала ера яц хьо
Ма хьалхе дара-кха суна хьоьх хьега
Хьан марзо, хьан безам, оьшура хьо!


Рецензии