Кхи цхьаммо йоккхар яц, Аиша хьа ц1е

Моьттура дуьххьара ког боккхуш ахьа
Хьай г1ийла хьежарца доьхур ду г1о.
Моьттура кхойкхар ю, ахь "Нана" аьлла
Ткъа х1инца хьан барз т1е йог1уш ю со.

Мел ч1ог1а ладег1арх йоьлхуш яц хезаш
Мел ч1ог1а мохь беттарх ца олу "х1ов"
Диси-кха суна хьан суьрташка хьежа
Йиси-кха цхьалха со, кхи йоцуш хьо.

Буьйсанна мерзачу набарха яьлла
Цхьа г1ийла, эсала са б1аьра хьаьжна
Хьо-м яг1а тахана юьтуш со ана
Д1атесна дитина техкийна ага.

Кхи цкъа а йоккхар яц мерзачу набарха
Кхи цкъа а хьожар яц, эсала соь
Кхи цкъа а йог1ар яц хьо йолуш зама
Кхи цхьаммо йоккхар яц, Аиша хьан ц1е...


Рецензии