Вайнеха оьздангалла
Арено ма гойту Вайнеха оьздангалла!
Вай санна къонахий хира буй-те дуьненачохь?!
Хира йуй-те церца къовса цхьане а майралла?!
Оьздачу г1иллакхах ца бухуш чекх буьлу,
Ца тайнарш шай дагчохь буйбина ва къуьлу,
Юьхь дуьхьала ва кхетча аз дайдой бистхуьлу,
-Вайнеха сий долу исбаьхьа мехкари!
Хаьа суна бу иштам вайна юкъехь а эхь дайнарш,
Шеш шайна ца хууш галбойла лелариш!
Ткъа ала ца оьшу массо а бехвеш дош
- Стоьмашна юкъехь а хуьли телхина стоьмаш!
05.03.19
Свидетельство о публикации №119030508995