Доцца аьлча

1. Х1ора аса язбечу мог1анца сан синк1оргехь, дагчохь ненан матте, цуьнан
мукъаме болу бовха безам совболу.

***

2. Юхь1аьржа д1а ца соцучу багано х1оттаво.

***

3. Бакъдолчуьнан а бух лаха беза.

***

4. Хьо дуьнент1е ваьлчахьана, велла д1аваллалц и йоца юкъ марзонца яккха еза.

***

5. Дешар серло елахь, деша 1амо ца хуушшехь,
1амо г1ертарш бода х1оттол дукха бу.

***

6. Пондаран х1ора мерз къаьстина боллушехь
царах схьадолу аз хуьлу цхьа мукъаме.

***

7. Дахар м1аьргонех дуьйцина ду
т1адамех долу хи санна.

***

8. Хийцам хила м1аьрго тоьу.

***

9. Вуочу ойланна хьан дагчохь бен буца бахьана сихха карор ду.

***

10. Дог доьхначуьнан догъэца хьо воьлча,
хьан дог а синтеме хуьлу.

***

11. Адамийн коьртехь йолчу дикачу ойланийн
жовх1арийн санна беза мах бу.

***

12. Компьютер дика доттаг1 ву, амма цо хьо лачкъавой,
шен дуьнене вуьгу.

***

13. Дуьйцийла йоцу бакъдерг Далла бен хаа йиш яц.

***

14. Адамо летош долчу къиноша иза цхьацца г1улч Далла гена воккху.

***

15. Кхочушхир доцуриг генарчу седанах тера ду:
серлоно т1евоьху, амма и эрна ду.

***

16. Шен аьтту боьхча хьекъал долчо шен кхачамбацарш толлу, шен бехк лору.
Хьекъал доцчо Кхинберш бехке бо.

***

17. Бераллехь дуккха а хуьлу сатийсамаш
Къоналла т1ееъча цу сатийсамашка кхача г1ерташ дукха къа хьоьгу.
Къаналла т1ееъча шегахь хиллачу доьналлин мах хадо хаьа.

***

18. К1охцало лазадой бер делхадо,
ткъа Ненан дог дегадо.

***

19. Герзаца дуьненан бахаме кховдарал
мехехь ду 1илманан к1оргене кховдар.

***

20. Мах беза исбаьхьа духар
Дег1 кхала лиъна т1е духарх,
Дац коьртехь хьекъал-м т1екхетар.

***

21. Дуьненан барамехь дуьстича,
мискъалан эзарлаг1а дакъа-
кхин дац-кха адаман дахар...

***

22. 1апказан т1адаман эзарлаг1а дакъалг бен
кхин дац-кха адаман декъаза дахар...

***

23. Мохк къагош варкъ дилларх дашо, я дато,
Куьйгашца йинарг бен хуьлуш яц ц1ано.

***

24. Дала совг1ат дина пох1ма деллехь,
мало ца еш къа хьегча и пох1ма кхиало.
Юхалург-м ца эцало.

***

25. Хьайн б1аьргашна гуш долчуьнан бен
хьесап а, тоьшалла а ма делахь...

***

26. Дала совг1ат дина пох1ма деллехь,
Мало ца еш къа хьегча и пох1ма кхиало.
Юхалург-м ца эцало.

***

27. Мохо шело хьерчайо дуьхьала нисвеллачух.
Азалле дуьйжи адмашна хиламаш битина рог1ера де.
Суьйре.

***

28. Дуьнено а,1аламо а шайн къайленаш доккха са доккхучу м1аьргонна
адамашна гайтича, кхетар бара уьш шаьш дахар мел эрна дойъу.

***

29. Пайда бац 1илманан бухе хьо кхийдарх,
хьен шунаш к1орга дацахь.

***

30. Ма сихлолаш нехан керта т1улг кхосса,
чхараш каро мега шайн керта ховсахь.

***

31. Цхьана, бертахь дечу г1уллакхах Дала беркат до.

***      

Азман Джабраилова


Рецензии