Безаман сай дог къуьйлуш

Безамна сай дог къуйлуш,
Дог дохорна сай кхоьруш,
Лелла хан аьрна хуьлуш
Сунам сай ирс схьакари!

Дахарехь со ирсе йан
Хиравац кхи цхьаа моьттуш,
Массо адам цхьаннах тарлуш
Якхина хан аьрна хили!

Адамаш а, церан дегнаш а
Хилла ша тайпа бес-бесара...
Цхьаверг  вела-къежаш къиза,
Цхьаверг хуьлу къеда-мерза.

Дахар хилла ч1ог1а хала,
Харжа хаа дезаш некъаш.
Б1аьргаш хоржу ниса некъаш,
Даго хоржу - 1инах доьлхарш.

Йицло жимчохь хилла човнаш,
Дахаро гойту къиза хенаш,
Адми г1айг1а-бала гулло,
Безам бохург - кхи хетало.

Жиммалехь берг ма бала бац!
Жиммалехь ерг ма г1айг1а яц!
Безам а,  Везар а дош ма дац -
Ларам а, тешам а юкъехь бацахь!
                18.12.2018


Рецензии