Кхузткъа шо...

Кхузткъа шо! И-м дукхаъ даций,
И-м  рог1ера терахь дай!
Къаналла-м вай хьехор-ъ яций,
Хьо-м х1айтъаьлла х1инцаъ вай!

Хьо лаьмнашна воьг1на хилла,
Уьш а-м хьуна доьг1на дай!
Махках валахь хир ву тилларг,
И-м  т1амарх д1абоьлла бай!

Къаналле ахь ла ма дег1а.
Г1ора- хьуьнар Деле деха.
Махкахь девзаш доцург леха.
Хьо- м гоьваьлла къонах вай!

Чухчарин хи аьхна хетта,
Б1аьвнаш юххехь  дог токх лелла,
Лаьмнийн ч1ежашкахь зовкх хьегна
Ц1еяххна географ вай!

Х1ора хинан барам бевза,
Хаьа х1ора ломан ц1е.
Пхи п1елг санна Даймохк бовза
1алашонца вехаш вай!

Азман Джабраилова


Рецензии
Къам, мохк, къоман мотт безар б1аьрла хаало хьан байташкахь. Аьтто хуьлда кхоллараллехь!
Ларамца,

Асламбек Гайтукаев   29.01.2019 09:49     Заявить о нарушении
Дела реза хуьлда хьуна, Асламбек, мах хадорна!
Хьан а хуьлда аьтту айхьа лелочуьнца!
Ларамца.

Аза Атагинская   30.01.2019 17:30   Заявить о нарушении