Дуьненна евза ц1е
Нохчийн къомо дозалла хьох дора,
Кхин хьох терниг цкъа а хир вуй-те?
Атаг1хойн сий хилла хьо ца 1ара,
Дуьненна а йевзара хьан ц1е.
Аьрзун т1емех терра куьйгаш ойъуш,
Сцени т1ехь ког шершош гича хьо,
Дозаллица дог хуьлура догуш:
Сан йуьртахо вара, Махьмуд, хьо!
Азаллера совг1ат дина, йелла
Йеза корматалла йара хьан.
Д1агойтуш хьайн говзалла дуьненна,
Довзийтира ахьа нохчийн къам.
Даг т1ехь дерг хьайн къамелехь а долуш,
Нохчаллех дог дуьзна вара хьо!
Кху дуьнен т1ехь даим хир ву лоруш,
Дала декъал войла, Махьмуд, хьо!
Азман Джабраилова
Свидетельство о публикации №119010810825