Хаза йо1

               
Тийна х1аваъ сийна стигал,
Малхо хьоьстуш йог1у хьо.
- Соьга хьажа, - бохуш санна,
Ахь хьай хаза дег1 техкадо.

Цхьана куьге к1ажар ловзош
Хазачу б1аьргашца ткъес доьттуш.
Дог лаьцна ахь 1адий со.
Арахь ши малх кхетта хетало.

Яц хьо х1инца даго хоьцуш,
Хьоме хетта т1еэца цо.
Хьан юьхьсибат, сирла б1аьргаш.
Д1авижича, суна г1енах го.

     KHASAMBEK BETSIEV


Рецензии