Исчезла душа...

               
                Езар

Хьо-м д1аяха, хьайн духаррий, ненан сурт а эцна,
Суна-м дити ахьа, х1ара совг1ат, сан дегалецам.
Со веънера х1окху пана махка, вай ирс-аьтто лоьхуш,
Винчу махкахь и мел лехарах сайна ца карош.

Х1окху генарчу махкахь, ирс-аьтто а хилла,
Вайн хьашташ кхочушдина, адамашца тарвелла.
Вайн дахарах сакъералуш, хьоьца болу безам ч1аг1бела,
Вай даха хиъча, ма ямарт хилира хьо, езар.

Вайн ирс-аьтто х1уй-пака ва хилла х1аваэ ма хьийза,
Адам-иблисана ахь мук1арло дина, цуьнга ладег1арна.
Амма, хилла хьо хьайн дагчохь ямартло кхиош,
Хуьлда хьо декъала, цу чолхечу муьрехь.

Хир бу хьан кхид1а а аьтто мотт-элдитта дийца
Бехк гуьнахь доцуш ас хьо йохийна ала.
Ала, ала хьо бехк боцуш хьийзина ала,
Ала, ала, со хьера а ваьлла ахь со витина ала.

Хьо нехан зурмане х1инца ладоьг1уш ма лела,
Шайт1анан сибате йирзина, Делан диканах а яьлла.
Лакха нехан зурма ма эшайойла хьуна,
Лозучу коьртана мала молха ма эшадойла хьуна.

Дуьненчохь вайшимма цхьаьна мерза яьккхинчу ханна,
Со ваьлла хьуна даггара къинт1ера, езар.
Кхана дог1ур долчу цу Къемата дийнахь,
Дала вай цу лахьти чу жоьпе озочу хенахь.

Цу Везачу, ша Сийлахь волчу Делан пурбанца,
Дуьненан азаллехь хьоьца яьккхинчу заманан дуьхьа.
Со хир ву кийча, хьуна орцахвала.
Хьан къинош хьулдина жоьжаг1атах хьо ларъян.

Цу Делах даьллачу шайт1анна юххехь д1ах1уттур ву со,
Хьан меттиг схьалаьцна, сел ч1ог1а хьо хьоме хиларна.
Схьагарехь хилла со Дала г1уда тоьхна кхоьллина,
Сайн дахарехь хьоьца, х1ара кхоллам хиларна.

                KHASAMBEK BETSIEV


Рецензии