Соьлжа- г1ала

Б1аьрга гинарг тешаме дуй
Х1оранне а хууш ду.
Кху дуьнено дуьйцург бакъ ду-
Соьлжа- г1ала нуьре ю.

Фонтанаш ю ирх хи детташ,
Беснаш хуьйцу серлоно.
Х1ора т1адам малхехь къегаш,
Цинцаш лаьтта иэгаш го.

Вовшех доьзна стигал, латта
Сийлахь Везчо кхоьллина.
Къоман ирс ду хьоьца доьзна,
Синмарзо хьоьх хьаьрчина.

Шаьш ца кхоош х1ора дийнахь
Хьан къонахий болх беш го.
Хьо кхиош ю, Соьлжа- г1ала,
Хьан ирс ду тхан синмаршо.

Азман Джабраилова


Рецензии