Ненан дог

К1ант везарца цунна даьгна
И вичхьана ненан дог.
Дийнахь- буса ша кхиийнарг
Везчу Деле воьху цо.

Юх- юха а йоцуш мало
Нанас йо1на хьехарш до.
Шен сий лардар, оьздангалла
Коьрта хиларх кхетам ло.

Са ца кхоош шен доьзална
Дахар довза 1амадо.
Дала деллачух пусар дан,
Ден ц1е, Даймохк цо марзбо.

Х1ора нанас ледарлонах
Ларбийр бар-кха доьзал шен,
Цо 1амийнарг дицделла верг
Хьенан лорах воьду-те?

Азман Джабраилова.


Рецензии
Аза,хаза ю и байт.
Нана цхьаъ бе ма яц.Дала дукха бахабойла наной дийна
болчера! Амин!

Луна Серлоева   04.09.2018 18:26     Заявить о нарушении