Вайнехан йо1! На чеченском!
Дуьненан 1аламца,кхиаме-хазалла къуьйсуш
Лиэла хьо г1ург1езах таръелла вайнехан йо1!
Суьйренца,дашочу маьлхан нур-з1аьнарш а,луьйсуш
Лиэпачу хьан б1аьргийн сийналло-ойлане во!
Пр:
Ларамза хьо-дагах хьакхалой,са-карзахдолу,
Къоьжаллех эхь хетий йоьхьт1ера бос хийцало!
Ларамца-б1аьрг бадош,г1ийла со йистара волу
Некъ буьтуш парг1ат,хьан жималли-кхоам а бой!
Къардала ца туьгуш,даима ирсе сатуьссуш,
"-Шерашка ца хоьттуш-хелхарна шершабеш ког"!
Шуьйрра т1ам хьовзийна,деригге дуьне а дуьтуш
Т1аьхьа а х1оьттина д1адаха туохало дог!
Пр:
Челакха ойлано хьовзавой,даггара олу:
"Дависа,т1къашере вирзина велара со!
Велла д1авервара-кх,цкъа-мукънаъ ваьлла хьан-дола,
Декъалла хилариг,ца ялахь сан дола-хьо"!
Свидетельство о публикации №118082709270