49. Гуьйренан амалш

Хийцамаша, йожош йовхо,
Дерриг 1алам шелдийр ду.
Маржа-я1 хьо, маьлхан серло,
Кестта хьо а-м г1еллур ю.

Хьаннаш, басеш маждар хьаьдда
Бос хуьйцуш д1ах1уьттур ю.
Т1ера духар охьатесна
Гаьннаш стигла кхийдар ду.

Г1аш айъина урамновкъахь
Мехаш шовкъе буьйлур бу.
Юха, бевдда, ломах хьерчаш,
Шийла кхаънаш кхийдор ду.

Буса-дийнахь стигал йоьлхуш
Ярташкахь ткъарш лаьттар бу.
Гуьйре ю вайн махка йог1уш,
Шен амал цо гойтур ю...

Азман Джабраилова


Рецензии