Винчу денца вешина лерина брату на ДР

Сан ваша, вина де, тахна ма ду
Хьо декъал ва лууш, дуккха а бу
Хьан нана Асет, йиша Фариза
Хьан ваша Керим, иштта а да Желил.

Хьо даггара декъал во, хьан несо Иманас
Хьан хьомечу, жимачу, веши йо1ас Айшас
Иштта хьан дейижрий, берриге дехой
Лаьаш бу хаийта, хьо везий, оьший.

Хьан дуьзи тахана, ткъе кхоалг1а шо,
Аллах1а ларвойла хьо вончу х1уманах
Беркате хуьлийла д1абоккху ког
Ирсе хуьлийла мел дог1у де.

Сан ваша, хьо хиларна, со ирсе хета
Хьо къонах хиларна, х1етте а ч1ог1а
Лам санна ву хьо, суна д1ах1оьттина
Оьшучохь даимна, куьг соьга кховдийна.

Сан ваша, хьо суна къинт1ера валалахь
Ас дог хьай дохинехь к1еззигчу ханна
Хьаалахь даггара суна хьо везий
Хьан метта са дала кийча со юьйла.


Рецензии