Мохьмад
Сан дахар, самукьа хьаьшна д1адаьккхи.
Ирсанна делла дезаниг совг1ат,
Хазаниг ц1е йолу сан хьоме Мохьмад!
Мехка кхерч ахь ларба безар бу.
Хьай 1илма совдаккха дезар ду.
Ларвала везар ву иманца,
Садетта дезар ду собарца.
Нанна а атта дац шен берах кьаста,
Цунна бен хуур дац и доггах хьаста.
Хадарах рицкьанаш дуьненчохь,
Хьо даим вехаш ву сан дагчохь.
Жималлехь ца кхочу ца тоьа хьекьал,
Кхечарна ца лаьа хилита декьал.
Бехкенаш ма бу, саъ хир ду г1алат
Амма сан ойланца деха хьан амат.
Д1айоьду зама, д1ауьду шераш.
Со уллехь йоцуш кхуьуш ду бераш.
Аллах1а геч дойла, д1аойъуш бала,
Ц1а а ма хьегийла шен берех нана!
(Элизи к1антана,Мохьмадан лерина)
Свидетельство о публикации №117111602054