Х1етал- металш

Буьрка санна горга,
Аг1о баьццара- къорза,
Ц1ен дог хуьлу мерза,
Х1ун ю иза?...
          /Хорбаз/

Бабас пазат юцу
Керчош т1ерг1ан уьйриг,
Вайга юххе кхойкху
Дийца хаза...
         /Туьйра/

Хуталш юьзна кхиъна
Баьццара- йоца, еха.
Юу, олуш "к1арсс",
Х1ун ю дийцал...
         /Наьрс/

Яхйина шен ворта,
Курра уьйъу корта,
Дикка иза лекха ю,
Алал, бераш, и х1ун ю?
          /Жираф/

Азман Джабраилова


Рецензии