Нана Мама стих на чеченском языке

Дог хьаста, дог тедан, еза хьо нана
Дахарера д1акхалхаллц, оьшу хьо нана
Къинт1ера ялалахь, хьомсара нана
Дог хьоьстуш дешнаш ас, к1езга дийцарна.

Хало т1ех1оьттина, я ца хилча там
Г1айг1ане йоьжна, гайча со хьайна
Деган молха хуьлий, д1ах1утту нана
Дахаран къахьаллин ца бойтуш чам

Б1аьстенан зезаг ду, со йина нана
Цу маьлхан нур ду, со кхиош йолу нана
Стилгара беттаса, ду хьо сан нана
Ламанан шовда ду, со езна нана.

Декъала йойла, сан хьоме нана
Хьан вон ма гойла, дахарехь тхуна
Ирс долуш ехийла, массо а ханна
Даима еларца гур йолуш тхуна.


Рецензии
Прекрасные стихи сестра, у нас нет ничего дороже Матери!

Барахоев Хасолт   25.03.2018 20:56     Заявить о нарушении
Спасибо!
Ларамца, Фариза!

Фариза Цалдаева   27.03.2018 06:22   Заявить о нарушении