Х. Акбиев. Дахар

 Перевод с русского на чеченский стихотворения Хаваса Акбиева "Жизнь"   

               Дахар

ГIайгIа-бала боцуш, шенна вахар -
Ма дахар дац, и лерина Iахар.
Хьайбате и некъаш хьалхахь шортта:
Харжа. Къийса. Ирсе кхийда лаьттахь.

Шен некъ бовза-м охIла хила веза,
ЙуьхькIеда а воцуш, болх а безаш,
Даим хьалха некъбеш, хьалха некъбеш,
Ша дIаойбуш олу дешнаш хьакъдеш.

Зене боцуш, ирхъхьаьвзина мара,
Зезагашлахь полла суна байра,
Кхиссалора иза, там а хилла,
Тийналлех ца Iебаш, доцуш хIилла.

Цкъа, цIе йогуш гича хина йистехь,
ТIехьаьдира полла, тIемаш лестош.
ЦIаро багош, и тIапъаьлла байра,
Башха кхалхар! Иза-м суна тайра!

Иштта башха, цIергахь айавелла,
Полла санна, лиъна ву со вала -
Къона бос сайн дIабаьлла а боцуш,
Къоьжа къано сайх хилла а воцуш.


            


Рецензии