Ненан мотт оьшу
Ненан мотт оьшу,
Къонахийн дегнашка
Д1акхайкхо хьехам,
Диканехь сий айда
Ненан мотт оьшу,
Г1иллакх вайн д1агайта
Тойне гулделча;
Стаг велча тезетахь
Ненан мотт оьшу
Цо динчу диканна
Тоьшалла дан;
Ч1ир екха тур ирдеш,
Ненан мотт оьшу
Мостаг1чун дег1 дагош,
Вахийта гора.
Дов даьлча машар бан
Ненан мотт оьшу
Оьг1азло ягаеш,
Дегнаш д1аделла;
Синкъерам хоттийча
Ненан мотт оьшу,
Мерзачу езаре
Безам д1абалхо;
Доьзалехь барт хасто
Ненан мотт оьшу
Берашна д1ахеха
Иманан некъ;
Дахарехь массанхьа
Ненан мотт оьшу,
Стогалла, майралла
Цуьнца ю йоьзна.
Свидетельство о публикации №117071705406