Дебалахь, нохчийн къам!

Адамаш, са хаддалц хастам беш хила вай
Х1ора а машаре дог1учу денна.
Даггара вовшашна къинт1ера довла вай,
Къинхетам, геч дар а Аллах1е дехна!!

Вайн къомах хьирчинчу баланех, т1амех
Халкъана пайдане жам1 иэсехь кхаба.
Хаддаза дог кхийдош 1илманийн к1орге
Хааршка, зерашка шуьйра г1улч яккха!

Дебалахь, нохчийн къам, хаддаза дебалахь,
Хир ма дац кхоьллина доьза хьо дайта.
Дешарна, йозанна хьо герго хилалахь,
1илманийн некъа т1е кхуьу чкъор даккха.

Лаьмнаш, шу эзарнаш шерашкахь латталаш!
Нийсонна г1ийттинарш шун сий деш эгна.
Шовданаш, вайн Далла хастам беш декалаш
Декъазчу лаьттана хиш хьанал делаш!

                Азман Джабраилова


Рецензии
Амин. Дала 1алаш дойла вай къам
Хаз дешнаш ду, Азман.

Дашо Аргунская   17.05.2017 22:24     Заявить о нарушении
Амин!
Дашо, Дела реза хуьлда хьуна.
Декъаза къам ду аьлла хетало ловш
болчу баланашка ладоьг1чи.
Т1аккха а- эуьйш ду вай,Далла дукха дезийла вай,-
олий ойла йо.

Аза Атагинская   17.05.2017 23:22   Заявить о нарушении