Даха вай

Кхолламо кховдадац цхьатерра денош.
Х1оранна д1акхочу йаздина хьал.
Массо ца велаво дахаро 1ехош,
Адамо ша гулйо Делера ял.

Зама вай бехке йо- "сиха йу"- бохуш,
Цхьаццаверг реза вац дахарна шен.
Дала схьайелла хан эрна ца йойъуш,
Г1орта вай Ийманца бан цуьнан хам.

Дуьне вайх дуьсур ду кхечарах санна,
Эхартахь каронйерг 1амалаш йу.
Дахарехь х1умма а хуьлуш дац атта.
Хастам бар Далла- и вайн декхар ду.

Боларехь хийцамаш, хиламаш дебош
Зама д1а уьдуш йу, уьш доцуш бен,
Даха вай вовшашка хьаг1, мекхо йоцуш,
Нохчаллин, Доьналлин ца йойъуш ц1е.

Азман Джабраилова.
2017г


Рецензии
Дала деллачунна хастам беш, реза хила деза вай!
Ларамца.

Луна Серлоева   11.09.2017 12:23     Заявить о нарушении