Шедаг. На Чеченском языке

Ломаца эсала мелан мох хьоькху,
1аба-ц сан,дуьненан 1аламах дог!
Деригге дуьне а,набарах доккхуш,
Б1аьстено ойхьаза баьккхина ког!

Сатуьссуш,безаман марзонах хьогий,
Мукъамца-хезачийн дог даша до
Жа1уьно!Туог1енахь шедаг а,локхий,
Ойлане воккхуш,сан б1аьрг белха бо!

Х1урданан тулг1енийн-г1айренаш хуьлий
Декачу озано,со хьере во!
Сайн дагалецамаш-алсаме буьйлуш,
1адийна лаьтта со!Суна тарло:

Дахаран риц1къана,шедаг ца йоьлху!
Дуьненан,эхартан ойла ца йо!
Доггаха,хьомечу езаре доьху
Кховда-яр безамца,деган йовхо!


Рецензии

С 3 по 5 июля состоится Литературный фестиваль в Этномире. В программе – семинары известных поэтов и писателей, поэтический конкурс, посвященный Году единства народов России, книжная выставкая-ярмарка. Приглашаем принять участие →