Махке безам
Винчу махке боккха безам,
Дашца гайтар хьуна дезахь,
Халкъан кица вайца деха:
Хабар доца, муш тов беха.
Даймахкехьа ц1ена ойла,
Г1уллакхашца лаахь гойла,
Харцо эшош, нийсо леха,
Нах а беза, уьш ца 1ехош.
Свидетельство о публикации №117040306871