Р. Юсупов. Вайнахана
Нохчийн пачхьалкхан
«Вайнах» ансамблана лерина
ХIайт-аьлла кхочушдеш хелхар,
И стелахаьштиг ша санна,
Хьийза шу, аьрзунах тарлой,
Дог къондеш дуккха а ханна.
ГIургIезан сурт хIоттош хьовса
Мехкарша, гIиллакхех буьзна.
«Вайнахо», дог айдеш тховса,
Йоккха чоь, тIанк-аьлла йуьзна.
Махкахой, хелхаран пхьераш!
ХIара дуьне цецдаха похIма
Шайхь долуш, ца хиларх хьелаш,
Аш хийла толамаш баьхна.
Гергара шу хетаран доза
Дан а дац, лардойла Дала!
Дехийла шу маьрша, гIоза,
Хелхаршца байбеш вайн бала.
Нохчийн хатI, нохчийн са шайца
Хиларца шу некъ беш догIу,
Диканиг бен доцуш шух дийца,
Шуьга хьовса нах доггах богIу.
2005 шо
Свидетельство о публикации №117040306759
Благодарю Вас за перевод..
Светлана Исса 22.11.2017 15:15 Заявить о нарушении
С уважением,
Асламбек Гайтукаев 22.11.2017 16:28 Заявить о нарушении