Чхьаьвриг

Аса кхайкхина веъна
Веза хьаша санна,
Кура болар эцна
Ц1енкъахь чхьаьвриг лела.

Меттах хьейо ма1аш,
Дусийна шен мекхаш,
Хьала уьйъу т1емаш,
Бераш кхеро г1ерташ.

Эрна ма ду, чхьаьвриг,
Ахьа лелош дериг.
Уьнт1апхьид схьакхачахь
Хир хьох цуьнан кхача.

      Азман Джабраилова


Рецензии
Сагалмат!)))

Луна Серлоева   14.04.2017 14:39     Заявить о нарушении