Со г1алат ю

Адам дезар г1алат ларахь,
Со г1алат ю, и бакъ ду.
Адамех тешар делахь г1алат ,
Юха а со г1алат ю.
Адамийн дог хьаста лаар,
И г1алат а соьца ду.
Реза ю со г1алат хила,
Адамийн бала айбеш д1а,
Г1алат делахь адам хилар,
Шеца долуш адамалла.


Рецензии
Айза, дика "г1алаташ" ду уьш.
массаьргхь а хила дезера и г1алаташ!

Сайн аг1он т1ера "Хаьржинчарна" юккъе туьхи аса хьо!
Ларамца.

Аза Атагинская   02.04.2017 14:56     Заявить о нарушении